Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah At-Takathur — Ayah 8

102:8
ثُمَّ لَتُسۡـَٔلُنَّ يَوۡمَئِذٍ عَنِ ٱلنَّعِيمِ ٨
ТIаккха шуьга хаттанне а хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниIматех1.
Footnotes
  • [1]

    Муслима Абу-Х1урайратах дийцира: «Цхьана дийнахь я буса Делан элча (Д.с. х. ц.) аравелира. И дуьхьакхийтира Абу-Бакраца а, 1умарца а. Цо цаьрга хаьттира : « Шу шиъ стено арадаьхна шайн ц1еношкара иштта хан йоцчу хенахь?»

    «Мацалло, х1ай Делан элча»,- жоп делира цу шимма. Делан элчано элира: «Валлах1и, шу арадаьхинчо со а ара ма ваьккхи!» Т1аккха уьш цхьаьна цхьа ансарех стаг волчу баьхкира. И ц1ахь вацара, цуьнан зудчунна х1орш гича, цо элира: « Марша дог1ийла, хьоме хьеший!» Дукха хан ца йоллуш, шен ц1ийнан ох1ланна хи тодан ваханчуьра ц1а кхечира х1усамда. Пайхамар а, цуьнан накъостий а гича, цо элира: « Алхьамдулиллах1! Таханчул беза хьеший ца хилла шен». И д1авахара - сихха шена чохь мадйалаза ерш а, екъа а, т1еда а хурманаш йолу тускар дахьаш юхавирзира, олуш: «Яа!». Цо схьаийцира урс. Делан элчано (Д.с.х.ц.) элира: «Варелахь! Шура лург ма белахь!» Цо уьстаг1 бира хьешашна. Цара цуьнах к1еззиг жижиг диира, хурманех х1ума кхеллира, т1е хи мелира. Шаьш буьзча, хьогалла а д1аяьлча, пайхамаро элира Абу- Бакре а, 1умаре а: « Сан са Шен карахь долчу Делах дуй ма боу ша, оцу ни1матах шуьга хоттур долуш ма ду къематдийнахь. Шу ара- дехира шайн ц1еношкара мацалло, х1ара ни1мат шайх хьакха даллалц юха ца дирзира».