A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Махьмуд а‚ цуьнан накъостий а‚ (Йеменан паччахь АбрахIат а‚ цуьнан эскар). СанIа олучу Йеменан гIалахь цара йина хилла килс‚ Макка хьажцIа боьду нах цунна тIе берзийтархьама.Гонахьарчу 1аьрбашна и ца дийзира.Царах цхьаммо цуьнан пенех боьхалла хьекхира, и сийсазаеш. Абрах1ат ч1ог1а оьг1азвелира, цо дуй биира ша Маккахь долу хьаьжц1а-Ка1ба дохор ма ду аьлла. Нуьцкъала эскар а гулдина уьш богIуш хилла пилий тIехь Маккара хьажцIа дохо. Дала хIаллакбина уьш сурата тIехь Ша ма дуьйцу. Дала царна дуьхьалдаьккхира Шен ледара эскар – олхазарийн ж1уга, х1ор олхазарехь кхо т1улг болуш.
Loading…
Loading…