A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Дуккха диканаш – иштта гочдеш ю кхузахь суратан ц1е Аль-кавсар(1аьрбашха: الكوثر ). Дала боху пайхамаре: Оха делла хьуна гуттар лаьтташ долу дуккха диканаш дуьненахь а, эхартахь а: пайхамаралла, Къуръан, шапа1ат... Оцу диканех бу Дала элчанна ялсамани чохь лур болу хьаст Аль-кавсар. Сахьихь чохь ч1аг1делла ду: и ялсамани чохь Делан элчанна лур болу хьаст бу, шен хи мезал мерза а долуш , бос лол к1ай а болуш, мискан чомал хаза чам а болуш. Цкъа цу чуьра хи мелларг кхин цкъа а хьаглур вац. Цу чуьра хи малор ду Мухьаммадан умматан дикачарна, цхьацца дийцаршкахь ма- дара, элчано шен куьйга.
Loading…
Loading…