Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Mu'minun — Ayah 27

23:27
فَأَوۡحَيۡنَآ إِلَيۡهِ أَنِ ٱصۡنَعِ ٱلۡفُلۡكَ بِأَعۡيُنِنَا وَوَحۡيِنَا فَإِذَا جَآءَ أَمۡرُنَا وَفَارَ ٱلتَّنُّورُ فَٱسۡلُكۡ فِيهَا مِن كُلّٖ زَوۡجَيۡنِ ٱثۡنَيۡنِ وَأَهۡلَكَ إِلَّا مَن سَبَقَ عَلَيۡهِ ٱلۡقَوۡلُ مِنۡهُمۡۖ وَلَا تُخَٰطِبۡنِي فِي ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓاْ إِنَّهُم مُّغۡرَقُونَ ٢٧
Оха хаам бира цуьнга вехьеца: "Кема де Тхан бIаьргий хьалхахь1, Тхан хьехамца. Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича2‚ цу чу (кеманна тIе) лахка хIораннах шишша тайпа а3‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш4. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу".
Footnotes
  • [1]

    Тхан бIаьргий хьалхахь – Тхан тидамца, Оха 1алашдарца. К1орггера оцунах лаьцнарг деана «Т1ах1а» суратан 5-чу аятан т1етовжарехь.

  • [2]

    Боьрша а‚ сте а.

  • [3]

    Цатешарш‚ жоьжахатина чубаха язбелла болу.

  • [4]

    Дала Нухьан халкъана тIе Iазап доссоран Iаламат хилийтина хилла пеша тIе диллина хи кхахкар. Кхин цунах лаьцнарг хьалха деана.