Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah An-Nur — Ayah 31

24:31
وَقُل لِّلۡمُؤۡمِنَٰتِ يَغۡضُضۡنَ مِنۡ أَبۡصَٰرِهِنَّ وَيَحۡفَظۡنَ فُرُوجَهُنَّ وَلَا يُبۡدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا مَا ظَهَرَ مِنۡهَاۖ وَلۡيَضۡرِبۡنَ بِخُمُرِهِنَّ عَلَىٰ جُيُوبِهِنَّۖ وَلَا يُبۡدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا لِبُعُولَتِهِنَّ أَوۡ ءَابَآئِهِنَّ أَوۡ ءَابَآءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوۡ أَبۡنَآئِهِنَّ أَوۡ أَبۡنَآءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوۡ إِخۡوَٰنِهِنَّ أَوۡ بَنِيٓ إِخۡوَٰنِهِنَّ أَوۡ بَنِيٓ أَخَوَٰتِهِنَّ أَوۡ نِسَآئِهِنَّ أَوۡ مَا مَلَكَتۡ أَيۡمَٰنُهُنَّ أَوِ ٱلتَّٰبِعِينَ غَيۡرِ أُوْلِي ٱلۡإِرۡبَةِ مِنَ ٱلرِّجَالِ أَوِ ٱلطِّفۡلِ ٱلَّذِينَ لَمۡ يَظۡهَرُواْ عَلَىٰ عَوۡرَٰتِ ٱلنِّسَآءِۖ وَلَا يَضۡرِبۡنَ بِأَرۡجُلِهِنَّ لِيُعۡلَمَ مَا يُخۡفِينَ مِن زِينَتِهِنَّۚ وَتُوبُوٓاْ إِلَى ٱللَّهِ جَمِيعًا أَيُّهَ ٱلۡمُؤۡمِنُونَ لَعَلَّكُمۡ تُفۡلِحُونَ ٣١
Ахь āла муъмин зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш1цунах гучахь2ерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга3‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массара4а‚ хIай муъмин нах‚ шу даккхийден тарло.
Footnotes
  • [1]

    Шайн дегI.

  • [2]

    Шайн дегI ма гойтийла зударша хирачу божаршка юьхь а‚ куьйгаш а бен.

  • [3]

    Хьалхахь йолу гIарош – лай.

  • [4]

    Шайгара хьалха даьллачу къиношна.