Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Furqan — Ayah 27

25:27
وَيَوۡمَ يَعَضُّ ٱلظَّالِمُ عَلَىٰ يَدَيۡهِ يَقُولُ يَٰلَيۡتَنِي ٱتَّخَذۡتُ مَعَ ٱلرَّسُولِ سَبِيلٗا ٢٧
Цу дийнахь зулам динчо1цергаш юьхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма декъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара ас.
Footnotes
  • [1]

    Кхузахь Дала вуьйцург ву Маккан вахархо мушрик 1акъба бин Убай Му1ит1. Дийцина: иза вара мушрикунийн тхьамданех цхьаъ хиллачу Убай бин Халфан доттаг1. 1акъбас шун х1оттийна (той дина) хилла. Цо кхийкхира цига къурайшан тайпан цхьаболу нах а, Делан элча а, Делера салам хуьлда цунна. Даарийн шун хьалхадиллича, Делан элчано элира: « Ас хьан кхача буур бац, ахь со Делан элча ву аьлла тешалла ца дахь.» Бусалба дин т1елацаран куц дар иза. 1акъбас тешалла дийра, т1аккха пайхамара кхачанах х1ума йиира. И д1акхечира Убай бин Халфе. Цо элира шен доттаг1чуьнга: «Д1атеси ахь вайн дин?» 1акъбас элира: « Х1ан-х1а! Суна хьошалг1а веара сийлахь-веза стаг. И дуьхьал хилира сан кхача баа, ас иза Делан элча ву аьлла тешалла ца дича». Убаййас элира цуьнга: « Сан юьхь хьан юьхьана хьарам ю, хьайна и Мухьаммад гича, ахь цуьнан юьхьах туй ца тохахь, цуьнан лаг ца 1авдахь, ахь цуьнга иштта-иштта ца алахь». Делан мостаг1чо кхочушдира шен доттаг1а шега аьлларг. Т1аккха Дала и аяташ доссийра. Уьш цуьнгахь доссийна хиллехь а, церан маь1на юкъара ду: и санначарах массарах а доьзна.