Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Furqan — Ayah 40

25:40
وَلَقَدۡ أَتَوۡاْ عَلَى ٱلۡقَرۡيَةِ ٱلَّتِيٓ أُمۡطِرَتۡ مَطَرَ ٱلسَّوۡءِۚ أَفَلَمۡ يَكُونُواْ يَرَوۡنَهَاۚ بَلۡ كَانُواْ لَا يَرۡجُونَ نُشُورٗا ٤٠
Уьш (Маккан керстанаш) ма бахарий юьрта1тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира юхадендаре дог ца дохуш.
Footnotes
  • [1]

    Маккан коьрта бахархой – Къурайшаш – лелаш хилла шаьш йохка-эцар еш Шама боьдуш Дала стиглара т1улгашца х1аллакйина хиллачу Лут1ан къоман юрт Содом хиллачу меттигна уллохула. Цара ойла х1унда ца еш хилла-те, иштта 1азап Дала шайна доссорг хиларх? Билгалдаккхар: Библия чохь хьахийна Содом а, Гоморра а аьлла ши г1ала. Уьш хилла Иордан хина йистехь. Церан бахархойн (Лут1ан къоман нах) къинош бахьанехь Дала стиглара ц1еран т1улгашца аьтта уьш. Уьш а, Къуръано юьйцуг а цхьаъ хила герга ду.