Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Ash-Shu'ara — Ayah 155

26:155
قَالَ هَٰذِهِۦ نَاقَةٞ لَّهَا شِرۡبٞ وَلَكُمۡ شِرۡبُ يَوۡمٖ مَّعۡلُومٖ ١٥٥
Цо элира: “ХIара эмкал ю. Цунна малар ду‚ шуна а малар ду билгалдинчу дийнахь1.
Footnotes
  • [1]

    Дийцина ду тафсиран жайнашкахь: Салихь пайхамаран къомо аьлла хилла цуьнга, хьуо Делан элча велахь, цхьа тамаше х1ума (му1жизат) гайта тхуна: схьаяккха х1окху чарах (тархах) яхка герга йолу эмкал, тхуна хьалхахь к1орни йойла цо. Салихь и хала хетта, ойланашка воьжнера. Т1аккха схьадеъначу Джабраил малико элира: « Ши рака1ат ламаз де, т1аккха Деле еха эмкал». Цо и дира – чарин (тархан) т1улгах схьаелира эмкал, царна хьалхахь ехкира и, голаш т1е охьалахйелира. Т1аккха Салихьа элира: « И ю шуна эмкал. Цхьана дийнахь и йита хи мала, кхечу дийнахь аш мала, шайн бежнашна а маладе». Иштта д1алилира уьш цхьа хан яллалц – эмкало шен рог1ехь хи молура, церан дежийлашкахь яжа а ежара. Цуьнгара дика пайда а оьцура цара – шортта шура йоккхура. Т1аьхьо Салихьан къоман боьхачу наха урс хьекхира цу эмкална. Т1аккха Дала, т1аьхьа сурата т1ехь ма дуьйцу, 1азап доссийра царна т1е.