Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Ash-Shu'ara — Ayah 214

26:214
وَأَنذِرۡ عَشِيرَتَكَ ٱلۡأَقۡرَبِينَ ٢١٤
Ахь хьехам бе1хьуна юххера гергарчаьрга.
Footnotes
  • [1]

    Кхерам таса. И аят доьссинчул т1ахьа пайхамар волавелира кхайкха шен гергарчу нахе: "Х1ай Делан элчан Мухьаммадан йо1 Фат1има, сан хьуна дан г1о дац, ахь 1амал елахь. Х1ай 1абд аль-Мут1аллибан йо1 Сафиййа, сан хьуна дан г1о дац, ахь 1амал елахь"... Иштта дийцина: "И аят доьссича, пайхамар ваьлира Ас-Сафа олучу ламана т1е, и вуьйлавелира мохь бетта: "Х1ай 1абд аль-Мут1аллибан к1ентий! Х1ай Фах1ран к1ентий! Х1ай Ка1бан к1ентий!" Цуьнан гонаха гулбелира дуккха цуьнан гергара нах. Цо цаьрга хаьттира: "Ас шуьга элча, д1о ламанна т1ехьахь шух лата кечбелла говраш т1ехь т1емалой бу, шу тешар дарий?" Цара элира: "Дара. Хьо цкъа а харц ца лина". Цо элира: "Со шуьга кхерамча ву-кх, шуна т1е 1азап доссоле хьалха ваийтина".