Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-'Ankabut — Ayah 10

29:10
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَقُولُ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ فَإِذَآ أُوذِيَ فِي ٱللَّهِ جَعَلَ فِتۡنَةَ ٱلنَّاسِ كَعَذَابِ ٱللَّهِۖ وَلَئِن جَآءَ نَصۡرٞ مِّن رَّبِّكَ لَيَقُولُنَّ إِنَّا كُنَّا مَعَكُمۡۚ أَوَلَيۡسَ ٱللَّهُ بِأَعۡلَمَ بِمَا فِي صُدُورِ ٱلۡعَٰلَمِينَ ١٠
Нахах бу шаьш олуш берш /багахула/: "Оха ийман диллина Деле". Т1аккха Деле ийман диллар бахьанехь шайна /цхьана нахера/ бохам хилча, цара лору нехан питна (бохам) Делан Iазапах тера. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам беъча, цара олу: "Баккъалла а, тхо шуьца ма дара". Ткъа Дела вац дика хууш Iаламийн дегнашкахь дерг1?
Footnotes
  • [1]

    Кхузахь Дала буьйцурш мунепакъаш бу. Шаьш бусалба бу бохуш хуьлу уьш, т1аккха ийман бахьанехь шайна цхьа бохам хилча, сихха дин д1атосу цара. Делан 1азапах кхоьруш муъмин нехан ийман ч1аг1даларх терра, нехан бохамах кхоьруш мунепикъаша ийман д1атосу.