Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Luqman — Ayah 12

31:12
وَلَقَدۡ ءَاتَيۡنَا لُقۡمَٰنَ ٱلۡحِكۡمَةَ أَنِ ٱشۡكُرۡ لِلَّهِۚ وَمَن يَشۡكُرۡ فَإِنَّمَا يَشۡكُرُ لِنَفۡسِهِۦۖ وَمَن كَفَرَ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَنِيٌّ حَمِيدٞ ١٢
Оха /хьалха/ деллера Лукъманна1хьекъалалла: "Далла шукур де2. Шукур дечо −шена шукур деш ду. /Дин/керстадеш верг3−Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву".
Footnotes
  • [1]

    Баркалла ала.

  • [2]

    Иза а шена деш ду цо.

  • [3]

    Лукъман – хьалха заманчохь хилла хьекъале стаг. И пайхамар хилла я веккъа Делан дика лай хилла? Оцунгахь 1еламнах бекъабелла. Дукхачарна хетарехь, и веккъа Делан дика лай хилла, пайхамар воцуш. Цуьнан схьавалар 1аьржачарех Хьабашера (Эфиопера) хилла. Дечиг-пхьар хилла иза. И ваьхна Давуд пайхамаран заманчохь, Делера салам хуьлда цунна, бану-Исраилийн къеда хилла, цхьаболчара дийцарехь. Дала доккха ни1мат делла хилла цунна – хьекъалалла, цуьнца 1амал еш а хилла иза. Вунō дика а, хьекъале а хилар бахьанехь наха ч1ог1а луьйруш а, массо а г1уллакхашкахь нах шеца дагабуьйлуш а стаг хилла иза. Кхузахь Дала хьехадо и хасторца цо шен к1антана дина хилла долу чулацаме весеташ. Йазидан к1анта 1абдурахьмана Джабирера дуьйцу: " Дала вазвина вара Лукъман хьекъалаллица. И гинера хьалха и вевзаш хиллачу стагана. Цо хаьттинера цуьнга: "Хьо вац хьēнехан лай хилларг, селхана церан жа дāжош хилларг?" "Х1аъ!" – жоп делира Лукъмана. "Х1окху дарже стено кхачийна хьо?" – хаьттира стага. " Делан къадаро а, аманат кхочушдаро (сайх бина тешам кхочушбаро) а, бакъдерг дийцаро а, маь1на доцург ца дуьйцуш 1ад1аро а", – жоп делира Лукъмана.