Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Luqman — Ayah 6

31:6
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَشۡتَرِي لَهۡوَ ٱلۡحَدِيثِ لِيُضِلَّ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ بِغَيۡرِ عِلۡمٖ وَيَتَّخِذَهَا هُزُوًاۚ أُوْلَٰٓئِكَ لَهُمۡ عَذَابٞ مُّهِينٞ ٦
Нахах ву шегахь Iилма доцуш даьсса (пайда боцу) хабар оьцуш (дуьйцуш) верг1Делан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш (и саннарш) −царна сийсаза долу Iазап ду.
Footnotes
  • [1]

    Пайхамаран (Дссхц) заманчохь хилла цхьа мушрик Надир бин аль –Хьарис. Иза хилла Дала доссош хиллачунна дуьхьал парисойн хабарш а дуьйцуш нах талхош. Цу аятаца Далла луург ду аьлла дикчу х1уманх нах д1ататтархьама мехах оьцуш долу самкъане маь1на доцу харц хабарш, эшарш и д1.кх. Дукха болчу тафсиран 1еламнаха уьш эшарш лекха оьцуш болу зударий бу аьлла. Цхьа кхечара цуьнца Далла луург эшар а, цуьнга ладог1ар а ду аьлла. Тоьлуш дерг хета кхузахь луург массо а пайда боцу, маь1на доцу хабарш, дийцарш, эшарш эцар ду нах Делан аятех д1атилорхьама.