Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah As-Sajdah — Ayah 23

32:23
وَلَقَدۡ ءَاتَيۡنَا مُوسَى ٱلۡكِتَٰبَ فَلَا تَكُن فِي مِرۡيَةٖ مِّن لِّقَآئِهِۦۖ وَجَعَلۡنَٰهُ هُدٗى لِّبَنِيٓ إِسۡرَٰٓءِيلَ ٢٣
Оха деллера Мусага жайна −хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца вовшахкхетарна1. Оха хилийтира цунах (Тавратах) нийса некъ Исраилан кIенташна.
Footnotes
  • [1]

    Лайлатул Исраъ буьйсана Мухьаммад вовшахкхийтира цуьнца – Мусаца. Сабунийна хетарехь,цуьнца– Делан жайнаца. "Хьо шеконехь ма хилалахь, хIай Мухьаммад, и Делан жайн Къуръан хьайга кхачарах, Мусага Таврат кхачарах терра". Иштта тайп-тайпана маьIна дина "цуьнца" бохучун. Дуккхачара хIара тIаьхьарниг толийна.