Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Ahzab — Ayah 13

33:13
وَإِذۡ قَالَت طَّآئِفَةٞ مِّنۡهُمۡ يَٰٓأَهۡلَ يَثۡرِبَ لَا مُقَامَ لَكُمۡ فَٱرۡجِعُواْۚ وَيَسۡتَـٔۡذِنُ فَرِيقٞ مِّنۡهُمُ ٱلنَّبِيَّ يَقُولُونَ إِنَّ بُيُوتَنَا عَوۡرَةٞ وَمَا هِيَ بِعَوۡرَةٍۖ إِن يُرِيدُونَ إِلَّا فِرَارٗا ١٣
/Ахь хьахаде/: царах цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибан1бахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ юхадерза2". Царах цхьа кхиерг (тоба) пайхамаре /ц1ахь йиса/ пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош даьсса ду". Даьсса ма дац уьш −царна луург бовдар ду-кх /тIамтIера/.
Footnotes
  • [1]

    Ясриб −Мадинат гIалин хьалха хилла йолу цIе.

  • [2]

    Уьш хилла Авас бин Къайзий а, цунна т1аьхьах1оьттинарш а, Убай бин Салул а, цуьнан накъостий а – Мадинатехь бехаш хилла коьрта мунепикъаш. Цара аьлла хилла г1азоте баьхкинчу нахе: «Ма латта кхузахь, Мухьаммад вите ц1а г1о».