Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Ahzab — Ayah 28

33:28
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِيُّ قُل لِّأَزۡوَٰجِكَ إِن كُنتُنَّ تُرِدۡنَ ٱلۡحَيَوٰةَ ٱلدُّنۡيَا وَزِينَتَهَا فَتَعَالَيۡنَ أُمَتِّعۡكُنَّ وَأُسَرِّحۡكُنَّ سَرَاحٗا جَمِيلٗا ٢٨
ХIай пайхамар! Ахь āла хьан зударшка: "Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла −ас йитинчу зудчунна дог1ург лур ду шуна‚ хазачу кепара паргIатдохур ду шу1.
Footnotes
  • [1]

    Дуьтур ду шу. Делан г1оьнца пайхамара, мостаг1ийн тобанаш эшийна, жуьгтийн къаризат а, надир тайпанаш эшийна, церан бахам бусалбанийн долабаьккхича, цуьнан зударшна моттаделира жуьгтийн зударшкахь хилла йолу хазаллаш шайна хила еза аьлла. Цара Делан элчанна гонахь а хиъна, цуьнга элира: «Х1ай Делан элча! Парисойн паччахьан Кисран а, Румойн паччахьан зударий хазаллашкахь бу, ткъа тхо, хьуна ма го, х1окху пекъараллехь ду.» Цара и паччахьийн зударийн бахам шега бехарх пайхамарна ч1ог1а цатам белира. Т1аккха Дала доссийра и аяташ.