Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Ahzab — Ayah 37

33:37
وَإِذۡ تَقُولُ لِلَّذِيٓ أَنۡعَمَ ٱللَّهُ عَلَيۡهِ وَأَنۡعَمۡتَ عَلَيۡهِ أَمۡسِكۡ عَلَيۡكَ زَوۡجَكَ وَٱتَّقِ ٱللَّهَ وَتُخۡفِي فِي نَفۡسِكَ مَا ٱللَّهُ مُبۡدِيهِ وَتَخۡشَى ٱلنَّاسَ وَٱللَّهُ أَحَقُّ أَن تَخۡشَىٰهُۖ فَلَمَّا قَضَىٰ زَيۡدٞ مِّنۡهَا وَطَرٗا زَوَّجۡنَٰكَهَا لِكَيۡ لَا يَكُونَ عَلَى ٱلۡمُؤۡمِنِينَ حَرَجٞ فِيٓ أَزۡوَٰجِ أَدۡعِيَآئِهِمۡ إِذَا قَضَوۡاْ مِنۡهُنَّ وَطَرٗاۚ وَكَانَ أَمۡرُ ٱللَّهِ مَفۡعُولٗا ٣٧
/Хьажал/ ахь ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга1: "Хьайгахь кхаба хьан зуда‚ Делах кхера!" Ахь хьулдийра хьайгахь Дала гучудоккхург. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо а там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялийра муъмин нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хIоьттинчу кIентийн зударий бало цара шайн царца долу гIуллакх чекхдаькхича (шарIехь уьш битича). Хили Делан гIуллакх дина даьлла.
Footnotes
  • [1]

    Делан элчано ша да хIоьттинчу кIантана Зайдана‚ Хьарисатан кIант‚ зуда ялийна хилла Асадийн Зайнаб. Зайд цуьнца тарлуш ца хилла. И пайхамаре ша цуьнца къастойта веана. Ткъа Дала пайхамаре хьалха хаийтина хилла и Зайнаб хьан зуда хир ю‚ аьлла‚ иза ахь ялае‚ аьлла‚ Зайда йитича. Доьдуш долчу Iадатехь и яло ца мегаш хилла. Ткъа Дала и Iадат, нийса цахилар гойтуш,дохош ду кху аятаца. Цхьадолчу жайнашкахь оцунах лаьцна дукха харц х1уманаш дуьйцу. Ишттачарах ду: Делан элчанна гинера, боху, Зайда ялинчул т1аьхьа Зайнаб. И хазъелла, цо элира, тов: « سبحان ألله مقلب ألقلوب Субхьаналлах1! Мукъаллибал къулуб» (Хастамберг, дегнаш хьийзориг ву-кх Хьо, Дела!).И хезира, бах, Зайнабна – цо дийцира Зайде. Т1аккха Зайд веара элчанна т1е Зайнабца къаста лууш ву ша, бохуш. Т1аккха цо и шена ялийра, боху. И хабар доккха эладита ду, Ислам динан мостаг1аша я и цадевзачара даржош долу, сийлахь волчу пайхамарна 1оттар а ю иза.И дийца-м , муххале а, дагдайта а мегар дац. И мог1аречу сгагана а оьзда доцу х1ума ду, ткъа муха долуьйтур дуи Дала уггар вазвинчу стага?!! Цкъа а долуьйтур дац! Бекъдерг вай хьалха далийнарг ду.