Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Ahzab — Ayah 4

33:4
مَّا جَعَلَ ٱللَّهُ لِرَجُلٖ مِّن قَلۡبَيۡنِ فِي جَوۡفِهِۦۚ وَمَا جَعَلَ أَزۡوَٰجَكُمُ ٱلَّٰٓـِٔي تُظَٰهِرُونَ مِنۡهُنَّ أُمَّهَٰتِكُمۡۚ وَمَا جَعَلَ أَدۡعِيَآءَكُمۡ أَبۡنَآءَكُمۡۚ ذَٰلِكُمۡ قَوۡلُكُم بِأَفۡوَٰهِكُمۡۖ وَٱللَّهُ يَقُولُ ٱلۡحَقَّ وَهُوَ يَهۡدِي ٱلسَّبِيلَ ٤
Ца дина Дала цхьанна стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аш шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болчу‚ шун наной1‚ аш долабаьхначу берийх шуна кIентий ца хилийтина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу новкъа.
Footnotes
  • [1]

    Iаьрбаша шаьш зуда юьтуш цуьнга олуш хилла: "Хьан букъ сан ненан букъах тера хета суна". Иштта шен нана санна, хьарам еш хилла цо иза шена. Царах шун наной ца хуьлу‚ боху Къуръано.