Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Ahzab — Ayah 9

33:9
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ ٱذۡكُرُواْ نِعۡمَةَ ٱللَّهِ عَلَيۡكُمۡ إِذۡ جَآءَتۡكُمۡ جُنُودٞ فَأَرۡسَلۡنَا عَلَيۡهِمۡ رِيحٗا وَجُنُودٗا لَّمۡ تَرَوۡهَاۚ وَكَانَ ٱللَّهُ بِمَا تَعۡمَلُونَ بَصِيرًا ٩
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадайта шайна хилла Делан ниIмат −шуна деара /маликийн/ эскар −Оха бахийтира царна тIе мох1а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аш дийриг гушверг.
Footnotes
  • [1]

    Мадинатана тIе керстаний тобанаш лата кечъелча,пайхамаро (Д.с.х.ц.) парисойн Салмана хьехарца юьрта гонахьа доккха ор (1аьрбашха: خندق Хундукъ) даккха, аьлла, омра дира. Керстанийн эскарш цунна сехьа бовла ца луш четарш тоьхна лаьттийра баттахь сов. Т1аккха Дала чIогIа мох балийтина, маликийн эскар дахийтина бохийра уьш. Хундукъ г1азот (غزوة الخندق ) я Тобанашца г1азот (غزوة الاحزاب ) аьлла ч1аг1делла и исторехь. Иза хилира Х1ижран терахьан пхи шо даьлча, шавваль беттахь. Бусалбанаш 3 эзар стаг вара, мушрикунаш – 10 эзар, х1етте а Делан г1оьнца туьйлира бусалбанаш, сурато ма дуьйцу.