Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Saba — Ayah 23

34:23
وَلَا تَنفَعُ ٱلشَّفَٰعَةُ عِندَهُۥٓ إِلَّا لِمَنۡ أَذِنَ لَهُۥۚ حَتَّىٰٓ إِذَا فُزِّعَ عَن قُلُوبِهِمۡ قَالُواْ مَاذَا قَالَ رَبُّكُمۡۖ قَالُواْ ٱلۡحَقَّۖ وَهُوَ ٱلۡعَلِيُّ ٱلۡكَبِيرُ ٢٣
Пайда бийр бац гIодаккхаро1Цунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира /вовшашка/: "ХIун элира шун Кхиош-кхобучо /шапа1ат даран хьокъехь/?" Цара элира: "Бакъдерг2. Иза лекха а‚ воккха а верг ву".
Footnotes
  • [1]

    ШапаIато.

  • [2]

    Бакъдерг – кхузахь: Дала пайхамаршна а, маликашна а, цхьаболчу уггар ц1ена болчу муъмин нахана а къинош дина хилла болчу муъмин нахана шапа1ат дан бакъо елла хилар. Аль-Къурт1убийс аьлла: "Дала пурба лур ду пайхамаршна а, маликашна а шапа1ат дан. Уьш хир бу ч1ог1а Делах кхоьруш шайх ледарло яларх. Т1аккха и кхерам шайх д1абелча, цара эр ду шайл хьалахь долчу маликашка: "Х1ун элира Дала шапа1атан хьокъехь?" Цара жоп лур ду: "Бакъдерг, аьлча а пурба делла Дала муъмин нахана шапа1ат дан".