Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Fatir — Ayah 36

35:36
وَٱلَّذِينَ كَفَرُواْ لَهُمۡ نَارُ جَهَنَّمَ لَا يُقۡضَىٰ عَلَيۡهِمۡ فَيَمُوتُواْ وَلَا يُخَفَّفُ عَنۡهُم مِّنۡ عَذَابِهَاۚ كَذَٰلِكَ نَجۡزِي كُلَّ كَفُورٖ ٣٦
Цатешнарш −царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш1‚ айдийр дац царна тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIор цатешачунна2.
Footnotes
  • [1]

    Лийр бац уьш жоьжахати чохь и шайна паргIато хуьлуш‚ ткъа гуттар лаьттар бу.

  • [2]

    Цатешарг – Къуръанчохь деъна كفور кафýр аьлла, мубалаг1а (к1арггара сибат ден) вазнехь. Т1аккха и хуьлу нуьцкъала Делан ни1маташна инкарло еш верг, нуьцкъала Делах ца тешаш верг.