Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Ya-Sin — Ayah 1

36:1
يسٓ ١
Я сūн1.
Footnotes
  • [1]

    Ибн- 1аббаса аьлла,يا سينЙа-синбохучун маь1наТ1ийтайпан лерехьيا أنسانЙа инсан (х1ай адам)бохург ду. Иза Мухьаммад пайхамаран (Д.с. х. ц.) ц1ерийх цхьа ц1е ю, аьлла а ду. Дика хуург Ша Дела ву. Йа-син ч1ог1а деза сурат ду. Цуьнан дозаллах лаьцна Делан элчано (Д.с.х.ц.) аьлла: "Х1ор х1уманан дог ду, ткъа Къуръанан дог Йа-син ду. Суна луур дара сан умматах х1ор стеган даг чохь Йа-син хила". Цхьа кхечу хьадисехь цо (Д.с.х.ц.) аьлла "Аш дешалаш Йа-син шайн беллачарна т1ехь". Иштта валаволлучунна т1ехь и сурат дешар дика лерина. Цхьаболчу 1еламнаха, цу хьадисана т1е а доьг1на, дика лерина Йа-син деша массо а беллачарна т1ехь, кешнашкахь а т1ехь.