Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Sad — Ayah 25

38:25
فَغَفَرۡنَا لَهُۥ ذَٰلِكَۖ وَإِنَّ لَهُۥ عِندَنَا لَزُلۡفَىٰ وَحُسۡنَ مَـَٔابٖ ٢٥
Оха цунна из гечдира1. Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ хаза тIетовжийла а ю.
Footnotes
  • [1]

    Давудах даьлла къа хилира цо шолгIачу довхочуьнга лацадогIар, цхьанга ла а доьгIна сихха хьукам дар. Дала цунна доккха мулк а хьикмат (нийса кхиэл ян хаар) а делла хилла. И шиа малик нах цабогIучухула шена тIе деъча, цо кхеравелла, сихха хьукам дира, вукхуьнга ла ца дугIуш, кIорггера кхиэл ца еш. Цу тIехь Дала цунна бехк боккху, хоуьйту кхиэл еш шина а агIоне ладогIа дезаш хилар, дов кIоргга талла дезаш хилар. И хаа делча,Давуд Деле хьаствелира, гечдар доьхуш, воьлхуш висира.

    Кхечу жайнашкахь а, цхьацца тафсирашкахь а дуьйцуш дерг, Давудан 99 зуда хилла, бохуш, т1аккха цунна хазъелира шен тIемалочун зуда, цо иза юхавоьрзурвоцчу тIаме вахийтина тIаккха и цигахь вича, и шена ялийра, шен зударийн барам 100 бузуьйтуш, и харц ду. Цунах теша мегар дац. И пайхамаршна тIе харцдерг кхоллар ду.

    Вай тешна ду пайхамараш даккхийчу къинойх ларбина хиларх. И хьахийна г1уллакх-даккхийчарах къа ду, муьлххачу стагана а хьарам ду, муха долуьйтур ду и пайхамара?!