Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Az-Zumar — Ayah 20

39:20
لَٰكِنِ ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوۡاْ رَبَّهُمۡ لَهُمۡ غُرَفٞ مِّن فَوۡقِهَا غُرَفٞ مَّبۡنِيَّةٞ تَجۡرِي مِن تَحۡتِهَا ٱلۡأَنۡهَٰرُۖ وَعۡدَ ٱللَّهِ لَا يُخۡلِفُ ٱللَّهُ ٱلۡمِيعَادَ ٢٠
Делахь а, шайн Кхиош-кхобучух кхийринарш −царна хIусамаш1хир ю‚ шайн тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайн бухахула хиш а лелаш −Делан ваIда ю /иза/. Дала ца йохайо /Шен/ ваIда.
Footnotes
  • [1]

    1елера дийцинчу хьадисехь ду: пайхамара (Д.с.х.ц.) элира: "Ялсаманехь ц1енош хир ду (деших а, детих а) дина, шайн чоь арахь а къегина гуш, шайн арахьдерг а чухула къегина гуш – уьш т1ех хаза зиларан, исбаьхьа хиларан сибат". "Хьанна хир ю уьш?" - хаьттира цуьнга. Цо элира: "Уьш хир ю къамел хаза долчунна,( мискачарна) х1ума даош волчунна, буьйсана нах набарш еш болуш Далла ламазаш деш болчарна".