Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Ash-Shuraa — Ayah 30

42:30
وَمَآ أَصَٰبَكُم مِّن مُّصِيبَةٖ فَبِمَا كَسَبَتۡ أَيۡدِيكُمۡ وَيَعۡفُواْ عَن كَثِيرٖ ٣٠
Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам − шун куьйгаша карадинчуьнца бу‚ дукхадерг гечдо Цо1.
Footnotes
  • [1]

    Шуна синошкахь я бахамехь хуьлуш болу баланаш, х1ай нах, шун къинош бахьанехь ду. Аль- Джалала аьлла: «Куьйгаш хьахийна дукха долу х1уманаш цаьрца деш долу дела». Дукха долу къинош Дала гечдо, цаьрца та1зар ца до дуьненахь.Массо а аш деш долу къа бахьанехь шуна та1зар деш делахьара дуьненахь, шу х1аллакхир дара. Делан къинхетамах ду цо шуна гуттар къинах юхадовла а, тоба дан а меттиг юьтуш хилар. Хьадисехь ду: «Āдаман берана (аьлча а, муьлхха адамна) дечиган сархат г1ур дац, я цуьнан ког шершар бац, я пха тохалур бац ша дина къа бахьанехь бен. Дала гечдеш дерг вуно дукха ду.» ( Аль-Бахьр аль-Мухьит1,7/518).Ибн-Касира хьахийна и хьадис Ибн Аби Хьатима Хьасангара дийцина, аьлла.