Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Ash-Shuraa — Ayah 6

42:6
وَٱلَّذِينَ ٱتَّخَذُواْ مِن دُونِهِۦٓ أَوۡلِيَآءَ ٱللَّهُ حَفِيظٌ عَلَيۡهِمۡ وَمَآ أَنتَ عَلَيۡهِم بِوَكِيلٖ ٦
И воцург /шайна/ доладийраш1лаьцнарш − Дела ву царна тIехь лардархо2‚ хьо вац царна т1ехь векал3.
Footnotes
  • [1]

    Дала боху пайхамаре:хьуна т1едиллина дац оцу керстанашка нуьцкъах дика 1амал яйтар, цаьрга нуьцкъах ийман диллийтар – хьуна т1ехь ду х1ара Шен вехьий цаьрга д1акхачор а, царна кхерам тасар а.

  • [2]

    Церан 1амалш, церан г1уллакх тергал деш ву Дела, царна бан хьакъ болу бекхам бийр болуш ву.

  • [3]

    Доладийраш – иштта гочдина кхузахь 1аьрбийн дош أولياء Авлияъ(цхьаъ – وليвали). Аято гойту Делаца накъостий луьйцурш, х1ума кхолларехь а, 1аламашна т1ехь урхалла дарехь а Далла г1оьнчий х1иттош берш, шайн моттарехь, церан Делан санна, ницкъ болуш, доккхачу тиларчахь хилар.И моттадалар аьттехьа а бакъ а дац, уггар даккхичарех, Дала гечдеш доцу къа а ду: Делаца нислуш дац са долу а, са доцу а цхьа а х1ума.