Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Az-Zukhruf — Ayah 57

43:57
۞ وَلَمَّا ضُرِبَ ٱبۡنُ مَرۡيَمَ مَثَلًا إِذَا قَوۡمُكَ مِنۡهُ يَصِدُّونَ ٥٧
Марьяман кIантах1масал далийча, хьан къомо чIогIа гIовгIа йоккху /хазахетта/.
Footnotes
  • [1]

    Iиса пайхамар. Iиса дела ву боху насараш жоьжахате гIур бу аьлла аят доьссича, Маккан керстанашна хазахийтира. Цара элира:"Уьш (АллахI ц1е йолу цхьа Дела воцчунна Iибадат мел деш берш) жоьжахате гIахь, тхо ду реза тхан делашца цхьана жоьжахате даха. Насараш а, жуьгтий а ма бу АллахI воцчунна Iибадат деш". И г1овг1а елира церан пайхамара (Дссхц) х1ара аят дешча: أنكم وما تعبدون من دون الله حطب جهنم (Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду).Цара элира: " Насараша 1исана деш ду 1ибадат, жуьгташа 1узайрина а деш ду 1ибадат, цхьа кхечара маликашна а деш ду 1ибадат.И пайхамарш а, маликаш а, царна 1ибадат мел динарг а жоьжахати чу бахча, тхо а реза ду тхан делашца цу чу даха". Пайхамар ойла еш жимма хьевелира, т1аккха керстанаш шаьш и г1орасиз вина моьттуш бийлира. Т1аккха доьссира и пайхамарш а, маликаш а ц1ан деш аят. Керстанаша цигахь тидаме ца эцнарг дара аятехь деъна ما Ма(аш шайна 1ибадат деш йолухьекъал доцу х1уманаш), من Ман(аш шайна 1ибадат дешберш) доцуш. 1аьрбийн маттахь ц1ерметдешнаш Ма(Х1ун?)шайн хьекъал доцчу х1уманах олу, Ман (Мила?)– хьекъал долчех.