Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Az-Zukhruf — Ayah 86

43:86
وَلَا يَمۡلِكُ ٱلَّذِينَ يَدۡعُونَ مِن دُونِهِ ٱلشَّفَٰعَةَ إِلَّا مَن شَهِدَ بِٱلۡحَقِّ وَهُمۡ يَعۡلَمُونَ ٨٦
Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаIат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь1бен, /и шаьш деш долу шапа1ат Делан пурбанца дуйла / шайна хууш.
Footnotes
  • [1]

    Бакъдолчуьнца тешалла динарш – теша хьакъ мадду Делах а тешаш, деккъа Цунна 1ибадат динарш – царна лур ду Дала шапа1ат дан пурба. Цхьаболчу тафсиран 1еламнахана хетарехь, кхузахь буьйцурш 1иса а, 1узайр а, маликаш а ду. Цара дог ц1ена 1ибадат деш хилла Далла, цхьаболчу наха царна 1ибадат деш хиллехь а. Церан шапа1ато пайда бийр бу муъманахана.