Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Jathiyah — Ayah 14

45:14
قُل لِّلَّذِينَ ءَامَنُواْ يَغۡفِرُواْ لِلَّذِينَ لَا يَرۡجُونَ أَيَّامَ ٱللَّهِ لِيَجۡزِيَ قَوۡمَۢا بِمَا كَانُواْ يَكۡسِبُونَ ١٤
Ахь āла ийман диллинчаьрга гечдойла цара Делан деношка дог дохушбоцучарна1Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца.
Footnotes
  • [1]

    Керстанашна. Цара деш долу халахетарш бахьанехь ч1ире ма хила, къинтерадовла царна – Дала бийр бу царна бекхам къематдийнахь. Мукъатило дийцира: Маккахь цхьана керста стага ирча бага лейина хилла 1умаре. Цунна нуьцкъала тоха воллуш хилла 1умар, Дала омра дина къинт1ера вала, аьлла, х1ара аят доссийна. Ибн-Касира яздо: бусалбанашка омра деш дара керстанаша хьоьгуьйтачу баланашкахь собаре хила, царна къинт1ера довла аьлла, т1аккха уьш к1адбала мегара. Т1аьхьа керстанаш шаьш дечу зуламех юхар ца бевлича, Дала бусалбанашна т1едиллира царна та1зар дар а, г1азот а.