Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Ahqaf — Ayah 15

46:15
وَوَصَّيۡنَا ٱلۡإِنسَٰنَ بِوَٰلِدَيۡهِ إِحۡسَٰنًاۖ حَمَلَتۡهُ أُمُّهُۥ كُرۡهٗا وَوَضَعَتۡهُ كُرۡهٗاۖ وَحَمۡلُهُۥ وَفِصَٰلُهُۥ ثَلَٰثُونَ شَهۡرًاۚ حَتَّىٰٓ إِذَا بَلَغَ أَشُدَّهُۥ وَبَلَغَ أَرۡبَعِينَ سَنَةٗ قَالَ رَبِّ أَوۡزِعۡنِيٓ أَنۡ أَشۡكُرَ نِعۡمَتَكَ ٱلَّتِيٓ أَنۡعَمۡتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَٰلِدَيَّ وَأَنۡ أَعۡمَلَ صَٰلِحٗا تَرۡضَىٰهُ وَأَصۡلِحۡ لِي فِي ذُرِّيَّتِيٓۖ إِنِّي تُبۡتُ إِلَيۡكَ وَإِنِّي مِنَ ٱلۡمُسۡلِمِينَ ١٥
Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар − нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /6-9 бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша г1еметтах1оьттича1, шовзткъа шере ваьлча, цо2элира: "Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниIматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан г1уллакхаш – нсбелахь уьш а нисчу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьт1ахьболчарах (бусалбанех) ву-кх".
Footnotes
  • [1]

    Иза аят доьссина Абу-Бакр Сиддикъехь‚ цо аьлла и дешнаш.Шен 40 шо лолуш, пайхамар ваийтинчул т1аьхьа 2 шо даьлча, цо ийман диллира, шайн керстанаша 1азап дечух 9 буслба лай азатваьккхира.Т1аккха ийман диллира цуьнан дас а, нанас а, доьзало а, к1антан к1анта. Иштта ни1мат ца хилра цхьанна а.

  • [2]

    Ша г1еметтах1оьттича – ша кхиъна ваьлча, ша воккха хилча.