Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Muhammad — Ayah 22

47:22
فَهَلۡ عَسَيۡتُمۡ إِن تَوَلَّيۡتُمۡ أَن تُفۡسِدُواْ فِي ٱلۡأَرۡضِ وَتُقَطِّعُوٓاْ أَرۡحَامَكُمۡ ٢٢
Шу хила мега, шаьш /ийманах/ дIадирзича, боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш хēдош1?
Footnotes
  • [1]

    Оцу аятаца Далла āла луург ду: нах бусалба динах д1абирзича, боьха лела дуьненахь, гергарлонаш хēдо. Я кхечу дашнашца: бусалбанашна хьарам ду лаьтта т1ехь боьха х1уманаш дан ( ц1ий 1ено и. д1. кх.), вовшашца йолу гергарлонаш 1āлаш ца ян. Хетало, Дела вуй-те āла лууш и х1уманаш лелош берш бусалбанаш бац, аьлла. Къатāдата элира: "Шуна муха хета: цхьа халкъ Делан жайнах (Къуръāнах) д1адирзича, цо бохург ца деш, хьарам долу ц1ий ца 1ēно цара, аьлча а бехке боцурш ца байа цара, т1емаш ца бо цара, вовшашца йолу гергарлонаш ца хēдо цара, къинхетаме волчу Далла 1есалла ца йо цара?" И дерриге а до-кх цара, Дēлах кхоьруш бацахь. Абу-Хьаййāна элира: "Оцуьнца Далла луург ду пайхамамарал (Дссхц) т1аьхьа наха Къуръāно бохург ца деш вовшашца т1емаш бар, гергарлонаш хедор".