Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Muhammad — Ayah 4

47:4
فَإِذَا لَقِيتُمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ فَضَرۡبَ ٱلرِّقَابِ حَتَّىٰٓ إِذَآ أَثۡخَنتُمُوهُمۡ فَشُدُّواْ ٱلۡوَثَاقَ فَإِمَّا مَنَّۢا بَعۡدُ وَإِمَّا فِدَآءً حَتَّىٰ تَضَعَ ٱلۡحَرۡبُ أَوۡزَارَهَاۚ ذَٰلِكَۖ وَلَوۡ يَشَآءُ ٱللَّهُ لَٱنتَصَرَ مِنۡهُمۡ وَلَٰكِن لِّيَبۡلُوَاْ بَعۡضَكُم بِبَعۡضٖۗ وَٱلَّذِينَ قُتِلُواْ فِي سَبِيلِ ٱللَّهِ فَلَن يُضِلَّ أَعۡمَٰلَهُمۡ ٤
Шаьш дуьхьалкхетча цатешначаьрца − логех1тоха аш уьш гIелбаллалц2‚ чIагIъе буржолаш3− тIаьхьа къинхетам бер4я дуьхьал мах оьцур5− тIамо шен мохь охьабиллалц6. Иза - Далла лаахьара, Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а, шун цхьаберш вукхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш − Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.
Footnotes
  • [1]

    Цуьнан мурад ду −тIом беш болуш латар. Т1ам т1ехь мостаг1ийн дуьхьало шаьш йохийча, шаьш уьш эшийча, царах йийсаре лаьцнарш ч1ог1а ларбе: д1а ма бовдийла уьш я царгара зен ма долийла шуна - т1аьхьа т1ом чекхбаьлча, ишттанехь д1ахуьйцур бу, я – мēхах, я мостаг1ийн йийсарехь болчу бусалбанех хийцор бу.

  • [2]

    Дуьхьало ян ца луш.

  • [3]

    Йийсаре лийца (йийсар де).

  • [4]

    Дуьхьал хIума йоцуш дIахуьйцийла, ишттанехь.

  • [5]

    Йийсарш дIахецарна.

  • [6]

    ТIом чекхбаллалц.