Макка хьоьга яккхийта сацам хилира Тхан. ХIара сурат доьссина ХIиджран 6-чу шарахь Хьудайбиятехь (Маккан къилбседехь йолу шерачу аренан меттиг) Маккан керстанашца машар бинчул тIаьхьа. Дуьххьар керстанаша бусалба дин ларар дара иза, Макка схьаяккхаран а, бусалба дин массанхьа даржаран бух а бара. Пайхамара элира дуьненал а, цу чохь мел долчу хIуманал а дукха деза шена и сурат, аьлла.
صلح الحديبية"Сульхьуль Хьудайбият" – Хьудайбиятехь хилла машаран барт. ХIиджаран 6-чу шарахь хаьж доьхкачу баттахь Делан элча цхьа эзар сов шен асхьабашца хьаьж дехка воьдуш хилла, шайгахь цхьа а герз доцуш. Хьудайбият олучу меттигехь царна дуьхьало йира керстанаша. Мухха делахь а, даккхий тасдаларш ца хуьлуш гIуллакх машарехь дIадирзира. Пайхамара Маккин керстанашца 10 шарна машар бира. Цуьнца нийса догIуш пайхамар шен асхьабашца, хIокху шарахь хьаьж ца доьхкуш, юхаверза декхарийлахь хилира, тIедогIучу шарахь магийра цунна хьаьжцIа ван. Иштта цу бартаца бусалбанашна ведда тIе веана керста стаг дIавала везаш вара, ткъа бусалбанашкара ведда керстанашна тIе вахана стаг керстанаша юхверзо ца везара. Иштта кхин гIелонаш хиллехь а, и барт дика лерина бусалбанашна. Цкъа - делахь, бусалбанаш керстанаша боккха ницкъ ларар дара иза. ШолгIа - делахь, бусалбанашна аьтто хилира машаран хьолашкахь дин даржо. Цундела Дала цу бартах "билгала толам", элира. Юьхьанца пайхамаран асхьабаш а ца кхийтира цунах. Х1оккхул некъ а бина, халонаш а лайна, хьаьж ца доьхкуш юхаберза ца туьгура уьш. Хатт1абан к1ант 1умар веара Делан элчанна т1е, барт хоьттуш. «Хьо вац ткъа хьакъ-бакъ волу Делан пайхамар?» - элира цо. «Ву!» - жоп делира пайхамаро. «Вай дац ткъа бакъона т1ехь? Вай мостаг1 вац ткъа харцона т1ехь?» - юха а хаьттира цо. «Ду!» - элира элчано. «Т1аккха вай х1унда йолуьйту вайн динехь х1ара ледарло?» - ца соцура 1умар. Элчано д1атевира иза, олуш: «Со Делан элча ву, суна ца лаьа Цунна 1есалла ян, И суна г1о деш а волуш.»