Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Fath — Ayah 29

48:29
مُّحَمَّدٞ رَّسُولُ ٱللَّهِۚ وَٱلَّذِينَ مَعَهُۥٓ أَشِدَّآءُ عَلَى ٱلۡكُفَّارِ رُحَمَآءُ بَيۡنَهُمۡۖ تَرَىٰهُمۡ رُكَّعٗا سُجَّدٗا يَبۡتَغُونَ فَضۡلٗا مِّنَ ٱللَّهِ وَرِضۡوَٰنٗاۖ سِيمَاهُمۡ فِي وُجُوهِهِم مِّنۡ أَثَرِ ٱلسُّجُودِۚ ذَٰلِكَ مَثَلُهُمۡ فِي ٱلتَّوۡرَىٰةِۚ وَمَثَلُهُمۡ فِي ٱلۡإِنجِيلِ كَزَرۡعٍ أَخۡرَجَ شَطۡـَٔهُۥ فَـَٔازَرَهُۥ فَٱسۡتَغۡلَظَ فَٱسۡتَوَىٰ عَلَىٰ سُوقِهِۦ يُعۡجِبُ ٱلزُّرَّاعَ لِيَغِيظَ بِهِمُ ٱلۡكُفَّارَۗ وَعَدَ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَعَمِلُواْ ٱلصَّٰلِحَٰتِ مِنۡهُم مَّغۡفِرَةٗ وَأَجۡرًا عَظِيمَۢا ٢٩
Мухьаммад − Делан элча ву‚ цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовший юккъехь. Хьуна го уьш горауьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Iибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю − сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен гIода тIехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгIазбахийта1. Дала ваIда йина Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла.
Footnotes
  • [1]

    И ялта ч1аг1луш санна, ч1аг1луш бу пайхамаран асхьабаш а, бусалба дин а. Оцу г1уллакхо оьг1абохуьйту керстанаш.