Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Hujurat — Ayah 6

49:6
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓاْ إِن جَآءَكُمۡ فَاسِقُۢ بِنَبَإٖ فَتَبَيَّنُوٓاْ أَن تُصِيبُواْ قَوۡمَۢا بِجَهَٰلَةٖ فَتُصۡبِحُواْ عَلَىٰ مَا فَعَلۡتُمۡ نَٰدِمِينَ ٦
ХIай ийман диллинарш! Шуьга цхьа песакъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан − тIаккха шу шаьш динчунна тIехь дохкодевлла хир ду1.
Footnotes
  • [1]

    И аят доьссина Валид бин 1укъба ц1е йолчу стагехь. И вахийтина хилла Делан элчано (с.1.в.с.) баиу аль-Мусталакъ тайпан нахана т1е цаьргара закат эца, цара бусалба дин т1елаьцначул т1аьхьа. Шайга Делан элчанан элча вог1ий а хезна, нах цунна дуьхьалбахара, и лоьруш. Валидна моьттира уьш ша вен бог1уш бу, шайна юккъехь жех1ал заманахь хилла ч1ир бахьанехь. И, кхеравелла, юхавирзира, пайхамаре элира бану аль-Муст1алакъ закат дала дуьхьал бу. Пайхамар, оьг1азвахна, ойла еш вара царна дуьхьал эскар дахийта. Иштта и воллуш, схьакхечира церан векалш. Цара дийцира шаьш пайхамарера векалвог1уш ву аьлла хазахеташ дара, амма иза шайна т1екхачале вухавирзи, шаьш кечдина 1еш дара закатна дала даьхни а. Х1инца оцунах дерг хаа даьхкина шаьш, аьлла. Т1аккха доьссира и аяташ. Т1аьхьа Делан элчано Халид бин Валид вахийтира церан хьал хаа. Цунна уьш карийра дика бусалбанаш. Т1аккха элира Делан элчано (с.1.в.с.): "Х1ума билгалдаккхар - Делера ду, сихвалар – шайт1анера ду".