Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Qaf — Ayah 40

50:40
وَمِنَ ٱلَّيۡلِ فَسَبِّحۡهُ وَأَدۡبَٰرَ ٱلسُّجُودِ ٤٠
Буьйсанах а − тасбахь де Цунна‚ сужданийн (ламазийн) тIаьхьа а1.
Footnotes
  • [1]

    Буьйсана г1атте де тах1ажжуд ламаз, перз ламазийн т1аьхьа а. Ибн-Касира элира: «Мухьаммад пайхамар (Д. с. х. ц.) стигал ваккхале перз ламазех хилла малх схьакхетале ши рака1ат цхьа ламаз, малх д1абузале ши рака1ат цхьа ламаз. Буьйсана г1аьттина де ламаз (тах1ажжуд) важиб хилла элчанна а, умматана а шарахь маддара. Т1аьхьа и важиб хилар д1адаьккхира умматана т1ера, т1аккха уьш дерриге а д1адехира пайхамар стигал ваьккхинчу буьйсана пхи ламаз т1едилларца, царна юкъахь дисира 1уьйре-ламаз а, малбуз-ламаз а, малх схьакхетале а, д1абузале а деш долу.»