A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
1ибāдат – 1аьрбашха :عبادة - Далла г1уллакх дар, Дала т1едихкина вāжибаш кхочушдар, Дала хьāрам динчух генавалар. "1ибадат" бохучун маь1на мелхо а шуьйра ду. Цо чулоцу массо а дег1ана, адамашна оьшуш долу г1уллакх хьаналчу, Шари1ато магийначу кепара Дела дуьхьа аьлла нигатаца дар: шена а, шен доьзална а хьанал рицкъ карор, шена т1ехь долу хьакъ долчеран хьаккъаш кхочушдар, юьртана, махкана, халкъана г1уллакх дар, Дала мел кхоьллинчу х1уманца хаза юкъаметтиг лелор… Шена 1ибадат дарна Дала ял ло уггар лахарчу барамехь цханна мēлана дуьхьал уьттаза сов а луш.
Loading…
Loading…