Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Waqi'ah — Ayah 1

56:1
إِذَا وَقَعَتِ ٱلۡوَاقِعَةُ ١
Ша хилаза ца долург1хилча‚
Footnotes
  • [1]

    Къематде. И ц1е ю суратан а. Цуьнан дозаллах лаьцна Ибн-Мас1удах дийцина. Делан элчано (Д.с.х.ц.) аьлла: «Х1ор буса ألواقعة сурат дешначух цкъа а мискалла хьакхалур яц».(Схьадаьккхина Хьафиз Абу- Йа1лас а, Ибн- 1асакиро а). Т1аьхьарчо Абу- Забиййатах дийцира: «1абдулла ибн-Мас1удах 1ожаллин цамгар кхетта хилла. Цуьнга хьажа веана хилла халиф 1усман бин 1аффан. Цо хаьттина цуьнга: «Х1ун арз ду хьан?»-аьлла. «Сан къинош»- жоп делира Ибн-Мас1уда. «Х1ун оьшур яра хьуна?»- хаьттира халифо. «Сан Делан къинхетам»- элира Ибн-Мас1уда. «Ас лор войту хьуна»- элира 1усмана. «Х1ан-х1а! – жоп делира Ибн-Мас1уда.- Лоьро со цомгуш вина». «Ас хьуна совг1аташ ло, олий омра до, - элира халифа, - хьол т1аьхьа хьан мехкаршна а оьшур ю х1ума». «Сан мехкаршна мискаллах кхоьру хьо?- хаьттира Ибн-Мас1уда. - Ас омра дина цаьрга х1ор буса ألواقعة сурат деша, аьлла. Суна хезира Делан элчано (Д.с.х.ц.) олуш: Х1ор буса ألواقعة сурат дешначух цкъа а мискалла хьакхалур яц. Абу-Забиййит цкъа а и дешар д1а ца тесира».