A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Макка яккхале. И хилла х1ижран 8-чу шарахь, Рамазан баттахь. Пайхамара (Д.с. х. ц.) Маккан мушрикунашца машар бина хилла 10 шарна (х1ижран 6-чу шарахь Хьудайбиятехь хилла барт). И барт тергал ца беш къурайшаша г1о дийра бани бакр олучу тайпанна бусалбанашца бертахь хиллачу хаза1ат олучу тайпанна т1елатарехь. Цигахь царах 20 стаг вийра.Т1аккха хаза1ат тайпано пайхамаре (Д.с.х.ц.) г1о дийхира. Ч1аг1онаш 1алаш еш хиллачу пайхамара (Д.с.х.ц.), царна жоп делира сихха. 10 эзарнал сов эскарца пайхамара Макка схьаяьккхира дуьхьало йоцуш. Цул т1аьхьа бусалба динан ницкъ алсамбелира и лело атта хилира.Цундела боху Дала кху аята чохь Макка схьаяккхале хьалха къахьегнарш а, и схьаяьккхинчул т1аьхьа къахьегнарш а цхьатерра бац.Хьалхалерчарна мела алсам хир бу.
Loading…
Loading…