A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Жуьгтийн бани Надир олучу тайпанера; духьало ца еш муьтIахь хилира уьш бусалбанашна.
Х1онс – кхузахь 1аьрбашха فيئ Файъунаьлла ду. Цуьнан а, 8-чу суратехь ((ألأنفال юьйцучу х1онсан а (1аьрбашха: غنيمةГ1аниматун) башхалла ю. Кхузахь юьйцу х1онс - файъун (فيء) бусалбанашна т1ом ца беш керстанашкара караеана х1ума ю, цара маслахьтана шаьш д1аелларг санна. Иза пайхамара (Д,с.х.ц.) шена луучу кепара йоькъуш хилла. Ткъа «ألأنفال» суратехь юьйцу х1онс – г1аниматун (ألغنيمة) т1емалоша т1ам т1ехь яьккхинарг ю. Цуьнан хьукам деана «ألأنفال» сурата чохь: цунах пхи дакъа дича, диъ дакъа и яьккхинчу т1емалочунна д1алуш хилла, важа цхьа дакъа пайхамаро (Д.с.х.ц.) йоькъуш хилла оьшучарна.
Loading…
Loading…