A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а
Шайна тIе баьхкинчу мухIажирунел.
Мадинатан бахархой.
МухIажирунаш −Маккара элчанца Мадинате д1акхелхинарш.
Шайл а уьш( МухIажираш −Маккара элчанца Мадинате д1акхелхинарш)совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а. И аят доссоран бахьана дийцира шина шайхо (Муслима а, Бухарис а) Абу- Х1урайратах: «Цхьа стаг веара Делан элчанна т1е, ша дукха ч1ог1а меца ву бохуш. Цо шен цхьана зудчунна т1е бохуьйтуш массарна а т1е бахийтира, хоьттуш яа х1ума юй вайгахь, бохуш? Массара а элира: хи доцург х1ума яц-кх вайгахь, аьлла. Делан элчано кхайкхар дира шен гонахь болчаьрга: тховса х1окхунна хьошалла динчух Дала къинхетам бийр болуш бу-кх, аьлла. Цунна жоп делира цхьана Мадинатан вахархочо. Ансараша хаза т1елаьцира шайна т1е баьхкина мух1ажираш, массо а кепара царна аьтто беш, шайн долахь дерг, шайна оьшшушехь, царна луш. Ансарех вара шен долахь болчу зударех цхьаъ юьтий, мух1ажире ялойташ верг а.
Loading…
Loading…