A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
ХьатIиб бин Аби БалтаIа ц1е йолчу мухIажиро яздина хилла Маккахь болчу шен гергарчу керстанашка кехат‚ пайхамаран къайленаш юьйцуш, иза Макка яккха кечлуш волуш. Цо иза цхьана Макка йоьдучу зудчуьнца (цуьнан ц1е цхьадолчу дийцаршкахь Сарат хилла аьлла ду, цхьа кхечахь – Джарадат) дIадохьуьйтуш хилла. Дела элчано (шега Джабраилехула) хаийтинчул тIаьхьа Iела а‚ Зубайр а‚ Микъдад а бахийтина и кехат схьадаккха аьлла. Ша Iелас кхеринчул тIаьхьа цо и кехат схьадаьккхира кIажарий юккъера. ХьатIиба и лелина ца хилла пайхамаранна зен дан лууш‚ деккъа шен Маккахь болчу гергарчу нахах къахеташ бен. Цундела Делан элчано гечдина цунна и гIалат.
Loading…
Loading…