A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
И аят доссаран бахьана ду: Абу Бакран йо1ан Асмаан нана Къутайла (цу хенахь и керста хилла) еъна хилла шен йо1 йолчу, совг1аташ а дахьаш.Асмаана ца лиъна и шен нана керста шен ц1а чу йита а, цуьнгара совг1аташ къобалдан а. И яхана шен йиша пайхамаран зуда 1аишат йолчу пайхамаре хатта. Т1аккха доьссина и аяташ. Пайхамара аьлла Асмаэ хьан нана чу а йита,цо деъна совг1аташ а схьаэца, лийра а лийра. Кху аято а, буха дог1учо а боху: бусалбанашца т1ом ца беш, царца маьрша бехаш болчу керстанашца дика хила, лийра базачахь уьш лийра а лира, царца нийсо а лелае. Дала ца магадо дин бахьанехь бусалбанашца т1ом беш болчарах а, бусалбанаш шайн ц1еношкара арабохучарах а, уьш арабаха г1одечарах а доттаг1ий лийца. Уьш бусалбанийн мостаг1ий бу.
Loading…
Loading…