Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Jumu'ah — Ayah 11

62:11
وَإِذَا رَأَوۡاْ تِجَٰرَةً أَوۡ لَهۡوًا ٱنفَضُّوٓاْ إِلَيۡهَا وَتَرَكُوكَ قَآئِمٗاۚ قُلۡ مَا عِندَ ٱللَّهِ خَيۡرٞ مِّنَ ٱللَّهۡوِ وَمِنَ ٱلتِّجَٰرَةِۚ وَٱللَّهُ خَيۡرُ ٱلرَّٰزِقِينَ ١١
Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачахь1. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицкъ лучарех уггар диканиг ву-кх".
Footnotes
  • [1]

    Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачахь – Сабунис иштта яздо:цхьана п1ерасканан дийнахь Делан элча (Д.с.х.ц.) вара минбарт1ахь рузба-ламазан хут1ба дуьйцуш, Шамара дуух1ума дахьаш йог1у къепал схьакхечира. Церан 1адатехь хилла къепал г1али чоьхьа яьлча хазахетарций вотанаш етташ, маьхьарий детташ. Иштта и схьакхаьчча, маьждига чохь хут1бане ладуг1уш болу нах, пайхамар (Д,с.х.ц.) хут1ба дуьйцуш витина, къепална дуьхьалбахара, цхьа 12 стаг виссалц. Царца Делан элчано (Д.с.х.ц.) рузба-ламаз чекхдаьккхира. Царна бехк боккхуш доьссийра и аят. Тидаме эца деза: оцу дийнахь Делан элчано (Д.с.х.ц.) ламаз хут1бал хьалха деш хилла, 1ид-ламаз санна. Цигара схьаэцна Малико, Дела реза хуьлийла цунна, рузба-ламаз и шена т1едужучарах 12 стаг ца хилча, ца хуьлу, боху дош. Ткъа Шафи1ечо а, Хьанбалечо а, Дела реза хуьлийла царна, цигахь 40 стаг хилла боху дийцар къобалдийна, цундела цара шиммо ца дихкало боху рузба-ламаз, и дар шайна т1едужучарах 40 стаг ца хилча. Далла дика хаа.