Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah At-Tahrim — Ayah 1

66:1
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِيُّ لِمَ تُحَرِّمُ مَآ أَحَلَّ ٱللَّهُ لَكَۖ تَبۡتَغِي مَرۡضَاتَ أَزۡوَٰجِكَۚ وَٱللَّهُ غَفُورٞ رَّحِيمٞ ١
ХIай пайхамар! Ахь хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг1хьан зударий резабан гIерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
Footnotes
  • [1]

    Пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) Iадат хилла шен массо а зударий болчу цхьатерра воьдуш хIор денна малхбузен ламазал тIаьхьа. Цхьана дийнахь иза вуно дукха висна шен зуда Джахьшан йоI Зайнаб йолчохь. Цигахь моз диъна цо. Иза цигахь дукха висар ца лаваш, Iаишатас а‚ Хьафсатас а‚ Савдатас а‚ Сафияс а барт бина цуьнга ала: "Хьан богара бIоьха хьожа йогIу". Иза шега аьлча‚ пайхамара (Д. с. х. ц.) дуй биъна‚ кхин Зайнаб йолчохь моз дуур дац ша аьлла. И дуй ца магош доссийна и сурат. Сабунин тафсир чохь и аят доссоран бахьана лерина х1ара: Делан элча (Д.с.х.ц.) ша висна хилла шен доьзалхочун Ибрах1иман ненаца Мариятаца Хьафсатан ц1а чохь. Иза элчанан долахь хилла, зудчун хьесапехь йоцуш. И хааделлачу Хьафсатана вон хетна хилла. Иза резаярхьама элчано дуй биъна хилла, кхин цкъа а Мариятаца 1ийр вац ша аьлла. Дала боху:зударий резабархьама Дала хьанал динарг хьарам ма де хьайна.