A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Кхузахь Дала хаставо Мухьаммад пайхамар (Д.с.х.ц.) и ч1ог1а хаза г1иллакх долуш вуйла хоуьйтуш. Баккъалла а, Дала цуьнгахь кхин цхьангахь а ца хиллачу кепара дукха хаза амалш гулйина хилла. Цуьнан хазчу г1иллакхех хилла: 1илма (дезар), кхетаме хилар, нуьцкъала эхь хетар, 1ибадат дукха дар, комаьршалла, собаре хилар, шукур деш (баркале) хилар, оьзда хилар, тешаме хилар, йина ва1да, делла дош кхочушдеш хилар, к1еззигчу х1уманах тоам беш хилар, къинхетаме а, нахах дог лозуш а хилар, нахаца к1еда-мерза хилар, вочу х1уманна реза воцуш луьра хилар, бакъдерг дуьйцуш, харцдерг ца дезаш хилар…
Loading…
Loading…