Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Muzzammil — Ayah 20

73:20
۞ إِنَّ رَبَّكَ يَعۡلَمُ أَنَّكَ تَقُومُ أَدۡنَىٰ مِن ثُلُثَيِ ٱلَّيۡلِ وَنِصۡفَهُۥ وَثُلُثَهُۥ وَطَآئِفَةٞ مِّنَ ٱلَّذِينَ مَعَكَۚ وَٱللَّهُ يُقَدِّرُ ٱلَّيۡلَ وَٱلنَّهَارَۚ عَلِمَ أَن لَّن تُحۡصُوهُ فَتَابَ عَلَيۡكُمۡۖ فَٱقۡرَءُواْ مَا تَيَسَّرَ مِنَ ٱلۡقُرۡءَانِۚ عَلِمَ أَن سَيَكُونُ مِنكُم مَّرۡضَىٰ وَءَاخَرُونَ يَضۡرِبُونَ فِي ٱلۡأَرۡضِ يَبۡتَغُونَ مِن فَضۡلِ ٱللَّهِ وَءَاخَرُونَ يُقَٰتِلُونَ فِي سَبِيلِ ٱللَّهِۖ فَٱقۡرَءُواْ مَا تَيَسَّرَ مِنۡهُۚ وَأَقِيمُواْ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُواْ ٱلزَّكَوٰةَ وَأَقۡرِضُواْ ٱللَّهَ قَرۡضًا حَسَنٗاۚ وَمَا تُقَدِّمُواْ لِأَنفُسِكُم مِّنۡ خَيۡرٖ تَجِدُوهُ عِندَ ٱللَّهِ هُوَ خَيۡرٗا وَأَعۡظَمَ أَجۡرٗاۚ وَٱسۡتَغۡفِرُواْ ٱللَّهَۖ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٞ رَّحِيمُۢ ٢٠
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучунна хууш ду хьо буьйсан кха дèкъан шина дèкъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шена Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха дèкъан цхьа дáкъа заманчохь а‚ хьоьца болчарах цхьа тоба ю /иштта буса гIеттина Iамал еш − иза а хаьа Далла/. Дáла барам бийна буьйсан а‚ дийнан а. Цунна хии шуна /ерриг буьйса я цунах дукхаерг Iибадат дарца денйан/ могур доций, /хIинца/ гечдина Цо шуна – деша Къуръанах1шайна атта дерг /буса/. Цунна (Далла) хии‚ шух хир ву цомгушниг‚ кхиберш лаьттахула бевлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш (шайна рицкъ тардеш)‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу - деша цунах (Къуръанах) шайна атта дерг. ХIоттаде ламаз‚ д1ало закат‚ аш д1ало Далла хаза декхар /юхалург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ сийлахь-еза ял а хилла. Деле гечдар дēха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
Footnotes
  • [1]

    Дийнахь а, буса а деш долу ламазаш. «Къуръан» аьлла Дала кхузахь ламазах и цуьнан доккха дāкъа долу дела.