Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah 'Abasa — Ayah 1

80:1
عَبَسَ وَتَوَلَّىٰٓ ١
Юьхь хабийна дIавирзи1
Footnotes
  • [1]

    Делан элча (Д.с.х.ц.) хилла Къурайшин элашца къамел деш уьш бусалба динна т1еберзо гIерташ. Оцу хенахь сихвелла веана бIаьрса доцу IабдуллахI бин Умм Мактум‚ шена Iамаде Дала хьайна Iамийнарг‚ бохуш мохь бетташ. IабдуллахIина хууш ца хилла пайхамар машгIул вуйла. И веъча, элий динах юхабовлур бу аьлла хетта элча, юьхь хабийна, дIавирзина. Цу тIехь Дала цунна бехк боккхуш доссийна х1ара сурат.Делан элча (Д.с.х.ц.) хуьлура цул т1аьхьа, 1абдуллах1ица дуьхьалкхетча, велакъежаш, олуш: "Марша вог1ийла шегахь Дала суна бехк баьккхинарг!" Цо луьйрара иза, г1айг1абора цунах.