Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Buruj — Ayah 4

85:4
قُتِلَ أَصۡحَٰبُ ٱلۡأُخۡدُودِ ٤
Х1аллакхили1саьнгарийн2дай,
Footnotes
  • [1]

    Х1аллакхили – Къуръанчохь: قتل Къутила. « Шайна не1алт аьлла» бохучун маь1нехь ду иза. Ибн-1аббаса аьлла Къуръанчохь къутиламел аьллачохь « шена не1алт аьлла» бохург ду.

  • [2]

    Саьнгар −лаьттахь даьккхина ор. Даккхий ораш дохуш хилла керстанаша Делах тешаш болу нах багабан, царна чу цIерш латаеш. Аятан маь1на юкъара ду, массо а зуламхоша ц1арца багош хиллачу муъмина нахах доьзна. Цуьнан масалш исторехь дуккха ду. Царах ду Намруз паччахь Ибрах1им, Делера салам хуьлда цунна, вагон г1ертар. Царах ду Мухьаммад (Д.с.х.ц.) дуьненчу ваьллачу насарийн терахьца 570 –чу шарахь Йеменна доладеш хиллачу х1имйаритийн (хумеритийн) т1аьххьарчу паччахьо Зу-Нуваса (ша жуьгтийн динехь хиллачу) Наджранан насарашна багош зуламаш дар. Иштта хиндерг хуучу Дала дийцинчух ду юккъерчу б1ешерашкахь Европехь коьртехь хиллачара шайн динна духьал хилларш багор…