A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Дийца нахе Делан къинхетамах а, Цо хьайна деллачу ни1матех а лаьцна. Делан ни1матах дийцар – Далла шукур дар ду. Аль-Алусичо боху, и аят туьдуш: хьо бобер дара, тиларчохь вара, миска вара – Дала т1еийцира хьо, Цо нийсачу новкъа виллира хьо, Цо хьоле хилийтира хьо. Оцу кхаа хьолехь хьайна хилла Делан ни1маташ диц ма делахь: хьо а хилалахь бобераца хьена-мерза, саг1а дуьйхучух къинхетаме. Байлахь хилар а, мискалла а 1евшина ахь, х1инца нах нисбелахь нийсачу новкъа, Дала хьуо нисварх терра.
Loading…
Loading…