Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Ad-Duhaa — Ayah 3

93:3
مَا وَدَّعَكَ رَبُّكَ وَمَا قَلَىٰ ٣
Хьо д1а ца тесна хьо Кхиош-кхобуш волчо‚ вац Иза хьоь безам байна а1.
Footnotes
  • [1]

    Пайхамаре (Д.с.х.ц.) аяташ ца дуссуш цхьа 15 де а даьлча, керстанаша аьлла цуьнга: "ДIатесна хьан Дала хьо‚ хьоьга безам а байна Цунна". Царна жоп луш доссийна хIара сурат. И сурат шен дешча, пайхамара "АллахIу акбар" аьлла, дукха хазахетна. Цундела и дешначул тIаьхьа, цул тIаьха догIу дерриг сураташ дешначул тIаьхьа "АллахIу акбар" алар суннат ду. Сабунис х1ара сурат доссоран бахьана лерина х1ара дийцар: Делан элча дег1ехь шовкъ йоцуш шина-кха буьйсана хьала ца г1аьттина. Абу-Лах1абан зуда Умм-Джамиль еана, олуш: «Со дог дохуш ю хьан шайт1ано хьо д1атесна хиларе! Хьуна гергадог1уш ца гина и суна шина-кха буса».